ГлавнаяИсполнителиМадина ХамидоваХьо цхьаъ ма ву
название:

Хьо цхьаъ ма ву


автор:

Мадина Хамидова


рейтинг: ★★★★★ / 4.7 / 742 просмотра
Сан даго кхойкху хьоь, синтем боцуш,
БIаьргаша лоьху хьо, гаре сатуьйсуш..
Волахьа, кхачахьа, сан деги везар,
Безаман бIаьрхишца до ас хьоь дехар.. 

Сирлачу седанах лепар ю хьуна,
БIаьстенан зезагах со тарлур ю..
Кхин везар хьо воцург ца оьшу суна,
Сан даго хаьржинарг - хьо цхьаъ ма ву.. 

Хьан дагна йовхо луш, яга ю кийча,
Нагахь хьо безамах дог тешаш хилча.. 
Сатийсар эрна ду, ма ала соьга,
Хьо вовзар ирс хеташ, хьоьжур ю хьоьга..

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Хьо цхьаъ ма ву" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен