ГлавнаяИсполнителиСултан магомедовУггаре а хаза зезаг.
название:

Уггаре а хаза зезаг.


автор:

Султан магомедов


рейтинг: ★★★★★ / 5.4 / 1395 просмотров
уггаре   хаза   зезаг 

дийхира ахь, лаха, аьлла,
уггаре  а  хаза   зезаг .
уггаре  а  хаза   зезаг 
лийхира ас, араваьлла.

мел леларх а, ца карийра
уггаре  а  хаза   зезаг ...
уггаре  а  хаза   зезаг 
ца карийча, дог дегийра.

амма, юха хьо ма гиннехь,
схьакарийра  хаза   зезаг .
уггаре  а  хаза   зезаг 
хьо ду, хьо ду кху дуьненахь!

хууш ма вац со хьо йоцург
уггаре  а  хаза   зезаг !
хьоьга кховдо дац кхин зезаг,
даг чуьра сан безам боцург!

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Уггаре а хаза зезаг." ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен