ГлавнаяИсполнителиВаха БерсанукаевВа суна еза сан хьоме йо1
название:

Ва суна еза сан хьоме йо1


автор:

Ваха Берсанукаев


рейтинг: ★★★★★ / 4.6 / 644 просмотра
Дагахь доцуш веъна кхечи со хьо йолчу
Хьо цецйоккхуш безам кховдий ас хьан дагчу
Хьоьга дуккха дагардийци сайха кхетош
Сан б1аьргийн нур, деган алу хьо ю, бохуш

Ва суна еза, сан хьоме йо1,
Веза алий дог эцахьа
Вай дезаш хиларх нехан-м г1уллакх дац
Безамца доцург цхьаъа дош дац

Берахь дуьйна хьоь ас хийла сатийсина
Хьо езарна хьан ойла еш наб ца йина
Ткъа х1инца-м со воккха хилла бакъо ю сан
Ала хьоьга еза суна, йолахь соьга

(...не разобрал...) дош ца карош хьо хьийза
Ва, сан Дела, орцах вала, х1ун дан деза
Сан б1аьргаша доьху хьоьга хилахь реза
Къинхетамца бу сан безам, лаьа еза

Ва суна еза, сан хьоме йо1,
Веза алий дог эцахьа
Вай дезаш хиларх нехан-м г1уллакх дац
Безамца доцург цхьаъа дош дац

Дагца ч1аг1о йина ваьлла со, кхетахьа
Хьо ца хилча со ца мега, ойла ехьа
Хьоьца (...не разобрал...) кийча ву со (...не разобрал...)
Вайн безамна орцах яла, ца еш мало

Ва суна еза, сан хьоме йо1,
Веза алий дог эцахьа
Вай дезаш хиларх нехан-м г1уллакх дац
Безамца доцург цхьаъа дош дац

Ва суна еза, х1ай ненан йо1,
Веза алий дог эцахьа
Вай цхьаьна кхетарх нехан-м г1уллакх дац
Безамца доцург цхьаъа дош дац

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Ва суна еза сан хьоме йо1" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен