ГлавнаяИсполнителиАмантаДаймохк
название:

Даймохк


автор:

Аманта


рейтинг: ★★★★★ / 5.4 / 1409 просмотров
Даймох – хьо сан некъан седа, хьо сан ойланийн куралла,
Даймохк – мехкан сирла беттан нур, лаьмнийн тийна хьо лекъа лам,
Вай къонахий яхь ю хьо, мехкарийн г1иллакх, хазалла ю хьо,
Вай къоман дозалла ду хьо, нанойх лозу дог ду хьо.
 
Даймох, Даймохк, Нана-Даймохк,
Цхьаъ бен боцу хьоме Даймохк.
 
Даймох – вай мостаг1ийн хьаг1 ю хьо, лулахошна хьабаьлла ма хьо,
Дахмохк – берий ирсе къане хьо, вай нехан бух, аззий ма ду хьо,
Ялсамане дакъа хьо, эвлияий са ду хьо, дезчу до1ий жоп ду хьо,
Делера совг1ат ду хьо.
 
Даймохк – майра аьлла дош ду хьо, сийлахь долчу къоман б1ов ю хьо,
Даймохк – Нохчийн меттан аз ду хьо, сан дай баьхна латта ду хьо,
Вай къонахий яхь ю хьо, мехкарийн г1иллакх, хазалла ю хьо,
Вай къоман дозалла ду хьо, нанойх лозу дог ду хьо.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Даймохк" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен