ГлавнаяИсполнителиНеизвестенХьо везарна бехк ма билла
название:

Хьо везарна бехк ма билла


автор:

Неизвестен


рейтинг: ★★★★★ / 5.3 / 1349 просмотров
Хьо везарна бехк ма билла
Хьо вовзарна бехк ма билла
Хьо веза мегар ду моьттуш 
Со леларна бехк ма билла

Ас 1уьрене тисина са
Ас суьрене тисина са
Ас хьо варе тисина са
Хьа баркалле тисина хилла...

Ахь баркалла оли хиъняхь
Хьо и ала воли хиъняхь
Шовдан йистяхь гат ца г1ерташ
Куга ахьа йир ери со

Ас 1уьрене тисина са
Ас суьрене тисина са
Ас хьо варе тисина са
Хьа баркалле тисина хилла...

Хьо са хирвац бохуч наха
Со хьа хир яц бохуч наха
Стиглунаш вахь яха еза
Латтанаш бух даха деза

Ас 1уьрене тисина са
Ас суьрене тисина са
Ас хьо варе тисина са
Хьа баркалле тисина хилла...

Хьо са хир вац бохуч к1анта
Со хьа хир яц бохуч йо1а
Ша санна дег1 кхолла деза
Цунна чу са дила деза

Ас 1уьрене тисина са
Ас суьрене тисина са
Ас хьо варе тисина са
Хьа баркалле тисина хилла...

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Хьо везарна бехк ма билла" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен