ГлавнаяИсполнителиСанет АбдулмуслимоваХьо муха хуьлу-те, ирс? (Л. Арсалиева)
название:

Хьо муха хуьлу-те, ирс? (Л. Арсалиева)


автор:

Санет Абдулмуслимова


рейтинг: ★★★★★ / 5.1 / 1139 просмотров
Хьо муха хуьлу-те, ирс?
Я мичхьа хьо лаха деза?
Стигланан гуш йоцу йист,
Ша зама санна, ю еха..
Бос муха хуьлу хьан ирс,
Къегаш я кIора санна Iаьржа?
Ахь лоькху исбаьхьа йиш
Мичхьаша и дIасаяьржа?

Хьо муха дойзур ду, ирс,
Хьо цкъа а гина а доцчохь?
Юй хьуна тIекхача йиш,
Я ду тIекхача йиш йоцчохь?

Хьо хьанна кхочу-те, ирс?
Ирсе веш, ахь мила хьосту?
Декъазниг декъала веш,
Лахара ахь лакха воккху..

Хьо хьаьнца тайна-те, ирс?
Долчунан рицкъ ахь дIадоккху.
Декъалниг декъаза веш,
Лакхара лаха а воккху..

Хьох теша мегий-те, ирс,
Цкъа мацца хьо гур ду аьлла?
Я лаха беза-те ницкъ,
Хьо каро, тIома а яьлла?

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Хьо муха хуьлу-те, ирс? (Л. Арсалиева)" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен