ГлавнаяИсполнителиКамета СадулаеваСоьлжа-Г1ала
название:

Соьлжа-Г1ала


автор:

Камета Садулаева


рейтинг: ★★★★★ / 4.9 / 884 просмотра
ГIаларчу бешара схьахеза эшараш,
Масачу жималлийн зевне аьзнаш.. 
Дахаро чIагI йина марзонаш-уьйранаш,
кегийчу дегнийн безаман мукъамаш.. 

Соьлжа-ГIала - азалехь дуьйна къонахийн ага.. 
хьайха яла соьга ахь цкъа а ма ала.. 
Соьлжа-ГIала, хьо сан деган дакъа,
Ехийла маьрша хьо, Соьлжа-ГIала.. 

Кочачу сеттарша хаздина Соьлжа,
Эсала шерша г1алийна йукъеша..
Дитташа хьоьстучу цу хина йистоша, 
маршалла хоьтту тайначу шабаршца.. 

Вай дайша кхийлина оьзда г1иллакхаш..
Сирлачу имане кхойкху маьждигаш..
Къинхьегаман беркато къагийна некъаш,
Соьлжа ГIаларчу туьйранийн куьцанаш..

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Соьлжа-Г1ала" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен