ГлавнаяИсполнителиАльви АльтемировАлахьа илли
название:

Алахьа илли


автор:

Альви Альтемиров


рейтинг: ★★★★★ / 5.4 / 1364 просмотра
Курачу лекхачу лаьмнех барт болуш дехачу къаьмнех,
Шовданех, исбаьхчу хьаннех, сан доттаг1а алахьа илли,
Турпала белхалой буьйцуш, мехкан сийлалла юьйцуш,
Наношка вай безам буьйцуш сан доттаг1а алахьа илли.
Лестадеш вай кхуллу зезаг, стиглане айбина безам,
Малхаца базбина тешам, сан доттаг1а алахьа илли.
Мехкарий хазалла гойтуш, к1енташна сийлахь некъ гойтуш,
Адамаш машаре кхойкхуш, сан доттаг1а алахьа илли.

Курачу лекхачу лаьмнех барт болуш дехачу къаьмнех,
Шовданех, исбаьхчу хьаннех, сан доттаг1а алахьа илли,
Сий айдеш хьомечу лаьтта, кийчачу и лардеш г1атта,
Седарчех, сирлачу баттех, сан доттаг1а алахьа илли,
Дуьххьара т1улге б1ов йоьг1на, пондаран озе ладог1на,
Мостаг1ех леташ ца воьг1на, хиллачарех алахьа илли,
Дайх, нанойх, даймехкан лаьмнех, машаре некъ бечу къамнех,
Вай ирсе аренех, хьаннех, мохь тог1и алахьа илли.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Алахьа илли" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен