ГлавнаяИсполнителиНохчийчоьЛА ИЛЛАХА ИЛЛА-ЛЛАХ
название:

ЛА ИЛЛАХА ИЛЛА-ЛЛАХ


автор:

Нохчийчоь


рейтинг: ★★★★★ / 5.4 / 1422 просмотра
Вайн дегнех кхерсташ ю алу,
Вайн ирсан дайъина доь,
Ларйойла хьо везчу Дала,
Бусульба сан Нохчийчоь!
Дог доьхна бер санна, г1ийла,
Оллалой ма хьежа соьга
Хьан седа лепийта сирла,
Со лойла хьан, Нохчийчоь!

Ла Илах1а ИллаАллах1,
Ларъе везчу Дала, хьо!
Ла Илах1а ИллаАллах1,
Бусульба сан Нохчийчоь!

Йохийна, х1оттор яц гуора,
Кур оллабойтур бац хьоь,
Йиш яц дашо малх хьан кхола,
Бусульба сан Нохчийчоь!
Даш кхетта эгча, син метта,
Маршаллаш кхоьхьуьйташ хьоь,
Леш болчу хьан к1ентийн метта,
Со лойла хьан, Нохчийчоь!

Лечано хелхар деш говза,
Баланаш, г1айг1анаш тоь.
Махкана дерриг ду ловзар
Елало, сан Нохчийчоь!
Вайн дегнех кхерсташ ю алу,
Вайн ирсан дайъина доь,
Ларйойла хьо везчу Дала,
Бусульба сан Нохчийчоь!

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "ЛА ИЛЛАХА ИЛЛА-ЛЛАХ" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен