ГлавнаяИсполнителиЗамаИордани
название:

Иордани


автор:

Зама


рейтинг: ★★★★★ / 5.1 / 1093 просмотра
Иордани...
Иордания...
Гене, суна ганза мохк.
Бахнарш, тесна Башлам, аре,
Муха беха хьуна чохь?

Йицъеллий-те Кавказ царна?
Дицделлий-те шовданаш?
Дагахь юй-те царах цхьаннаъ
Ваьхна юрт, я дедайн каш?

Дерриге я диц а делла,
Малхо боттуш, боцу-те?
Я ирс лоьхуш, хьаьвдда лелла,
ГIамарш кегош доккху де?
Йицъеллий-те тулгIеш Теркан?
Дагахь дуй-те Орга хи?
Хезча халкъан илли декаш,
ьодий техьа бIаргех хи?

Маршо йоцуш, Даймохк боцуш,
Хийра махкахь диси-те?
овзарш хаьдда,
Хелхарш доцуш,
Сатийсаран яйна цIе?
Ларделлий-те гIиллакх къоман?
Бицбеллий-те ненан мотт?
ПаргIато а вайн дай лома
Кхачар хаьий, йой-те чот?

Аса боху:
делхийтийша
Дашо догIа кхечанхьа,
Со сайн махкахь аш витийша,
ТIулгаш делхарх, билларх ша.

Иордани...
Иордания...
Суна ганза хийра мохк.
Баьхнарш хиш а муьйлуш лаьмнийн,
Муха беха хьуна чохь?

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Иордани" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен