ГлавнаяИсполнителиVk.Com/Chechen_Vechen_Милана БалаеваДаймохк
название:

Даймохк


автор:

Vk.Com/Chechen_Vechen_Милана Балаева


рейтинг: ★★★★★ / 4.7 / 680 просмотров
Сан даймехка хазалла
Эшарашкахь ййцийна
Ас сам дийна доьзалла
Вай мотт сий деш бийцийна

Сан доьзалла сан даймохк
Хьан аламо хьоьсту дог
Тахана олуш со хьан йо1
Хелхарца ас шаршор ког

Мелха нурца кхевсийна
Хьан мехкари хазалла
Дуьненан а евзина
Хьан къонахи майралла

Сан доьзалла сан даймохк
Хьан аламо хьоьсту дог
Тахана олуш со хьан йо1
Хелхарца ас шаршор ког

Ехила хьо Нохчийчоь
Дуьненан а серло луш
Нур лепачу седанах
Езачарна ирсе гуш

Сан доьзалла сан даймохк
Хьан аламо хьоьсту дог
Тахана олуш со хьан йо1
Хелхарца ас шаршор ког (2)

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Даймохк" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен