ГлавнаяИсполнителиХеда ГазиеваСатийсар (M95)
название:

Сатийсар (M95)


автор:

Хеда Газиева


рейтинг: ★★★★★ / 5 / 1012 просмотров
Сатийсар совдаьлла, садаIар дайна
Лела со хьан сибат сайн дагчу къуьйлуш..
Седанах тарвина везарна сайна,
Ца карош къастаран халонаш муьйлу..

Ахь соьга йолахьа аларе хьоьжуш,
ДЕЛЕ а доIанца веккъа хьо воьхуш..
Еха со аренца хьоьга сатуьйсуш,
Хьекъало, безамо вовшашца къуьйсуш..

Хьан бIаьргийн йовхоно дагчу суй бетташ,
Бацалахь зезагаш лехьадеш хьуна..
Лелаш ю хьо лоьхуш кийра цIе летта,
Амма хьо генахь ву мелла а суна.. 

Сатуьйсуш сахьийзаш, садаIар дайна,
Лелаш ю хьан сибат дагчу сайн къуьйлуш..
Седанах тарвинарг Iаьршашкахь вайна,
Лехарх а ца карош къаьхьалла муьйлуш..

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Сатийсар (M95)" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен