ГлавнаяИсполнителиРустам ЧекуевСагатдо хьуна ас
название:

Сагатдо хьуна ас


автор:

Рустам Чекуев


рейтинг: ★★★★★ / 5 / 1023 просмотра
Гена хьо дIаяхна ..
хьайца ирс сан дIадаьхьна..
сагатдо хьуна ас..
сайн даге хоьтту ас:
мичахь ю-те? дагахь вуй-те?
вицвина-те хаац ..
малхе дагавуьйлу со,
батте дагавуьйлу со,
генахь ю-те, уллехь ю-те,
цхьа хаам бе..

Сан кхоллам, ала-хьа,
сел къиза хIунда хилла..
дахарах дог диллина..
даг тIе чим йиллина..
лалур дуй-те, вехар вуй-те..
эрна дуй-те хьежар?
амма, хьо къар ма ло,
боху соь седано,
буьйса йовр ю, де догIур ду,
ирсе хир ву .

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Сагатдо хьуна ас" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен