ГлавнаяИсполнителиЛариса СадулаеваГирий шуна (New 2014) (M95)
название:

Гирий шуна (New 2014) (M95)


автор:

Лариса Садулаева


рейтинг: ★★★★★ / 5.3 / 1323 просмотра
Гирий шуна рег1ан басе дашочу малхо къагийна,
Гирий шуна Теркан тулг1е сийначу бецо хазйина,
Гирий шуна бекаматаш 1аьржа б1аьргаш биллина,
Хилий те шун сатийсамаш деган къайлехь лечкъийна.
 
Гиний шуна аьзу хьийзаш сийначу стиглахь нека деш?
Хезний шуна орга тийжаш аьрха техкаш мохь бетташ,
Лаьттиний шу шовдан коьртехь мерза безам балхабеш,
Лелий те шу ломахь, арахь вай Даймехках дозал деш.
 
Гиний шуна б1аьсте йог1уш зезагаша къарзйина,
К1ай полларчий нускалш санна бай т1ехула даьржина,
Хезний шуна безам буьйцуш шовданашца шебарш деш,
Хазчу йо1ех цкъа б1аьрг тоха къонахаш некъаш деш.
 
Гиний шуна гуьйре йог1уш дашо т1емаш даржийна,
1иний те шу аьрха ойла седарчех тешийна,
Гиний шуна Соьлжа-Г1ала хазчу йо1ал хазйелла,
Деза совг1ат дина Дала халкъан дахар та делла.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Гирий шуна (New 2014) (M95)" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен