ГлавнаяИсполнителиНеизвестенСуна хьо веза, хьуна и еза
название:

Суна хьо веза, хьуна и еза


автор:

Неизвестен


рейтинг: ★★★★★ / 5 / 1018 просмотров
Суна хьо веза, хьуна и еза,
Цунна шен бераллехь дуьйна кхи веза,
Хьо х1унда г1ерта церан ирс талхо,
Ца оьшучунна хьай безам балхо.
 
Ас муха те бе боьхна сайн кийра,
Хьо веза дела хийти те хийра,
Сан дакъазалла ма ч1ог1а хилла,
Ахь теша дела со лейеш хилла.
 
Со-м жимма хьаьгна д1атуьйр ю кхана,
Цу шинне некъаш кхетар ду цхьана,
Хьо т1аккха юккъехь вуьсур ву царна,
Кхочур бу хьоьга ас лайна бала.
 
Хьо суна везна, х1инца а веза,
Цундела суна со хьоьл онда хета,
Сан дакъазалла ма ч1ог1а хилла,
Ахь теша дела со лейеш хилла.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Суна хьо веза, хьуна и еза" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен