ГлавнаяИсполнителиНеизвестенСоьх ц1е лета генара хьоьх б1аьрг кхетча
название:

Соьх ц1е лета генара хьоьх б1аьрг кхетча


автор:

Неизвестен


рейтинг: ★★★★★ / 4.6 / 630 просмотров
Соьх ц1е лета генара хьоьх б1аьрг кхетча
Велалуш хьо мерза сайга схьахьажча.
Б1аьрги нур са д1а эцна сан дог йисаре лаьцна 
Вай безаман хьозана шен т1ам хецна. 

Хьо цхьаъ ву ас хьаржина хьо цхьаъ ву ас къастийна
Ойланах са хьарчина са дагах ц1е латина.
Хьо цхьаъ ву ас хьаржина хьо цхьаъ ву ас къастийна 
Дог а са ахь дашина са дагах ц1е латина.. 

Хийла оьг1азлонца ахь соь дош аьлча 
Боцу бехк а буьлуш бехке со йича.
Хиларх иза ла хала ницкъ бац са хьоь дош ала 
Х1у де ас хьомениг кхи а ч1ог1а везча. (2р)

Дериг дуьне хьо ду са 
М1аьлха нур а бетта са.
Б1аьргий нур а хьо ду са.
Ирсе седа хьо бу са. (2р)

Дагахь яц со хьоьх яла хьоьха къастина яха.
Майра йиш ю са ала хьа ц1арца со еха.
Ирсе дахар хьоьца го.
Сан безаман къилба хьо.
Хьа безамо ирсе йо.
Суна везчу Далла велла хьо.(2р)

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Соьх ц1е лета генара хьоьх б1аьрг кхетча" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен