ГлавнаяИсполнителиШарпуди ИсмаиловОрамера нохчо
название:

Орамера нохчо


автор:

Шарпуди Исмаилов


рейтинг: ★★★★★ / 5.3 / 1273 просмотра
Тайпа-тукхам нохчийн делахь, ворх1е да хьан нохчо хиллехь,
Нохчийчоь хьан Нана йелахь, ненан мотт синкхача белахь,
Орамера Нохчо ву хьо, Даллийн бен суджуд дацахь.

Хьажи ц1а хьан къилба делахь, бакъ Пайхамар бакъвеш велахь,
Иман, 1илма, калам делахь, хьо устазаш лоруш велахь,
Орамера Нохчо ву хьо, Даллийн бен суджуд дацахь.

Г1иллакх, г1уллакх хьоьца делахь, хьай къамелан да хьо велахь,
Эхь-бехк сийца, ц1ийца белахь, нохчалла хьан бахам белахь,
Орамера Нохчо ву хьо, Даллийн бен суджуд дацахь.

Вай хьо Нохчо ишта вацахь, цхьаъ волчунца накъост лацахь,
Хатта даге вуй хьо Нохчо? Дала витац шен лай цхьалха,
Орамера Нохчо ву хьо, Даллийн бен суджут дацахь.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Орамера нохчо" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен