ГлавнаяИсполнителиСахаб МежидовГ1ан
название:

Г1ан


автор:

Сахаб Межидов


рейтинг: ★★★★★ / 5.1 / 1073 просмотра
ГIенах хьо сийсара дуьхьала тийсира,
Сирла са хиллалц хьистира ахь со..
Самах хьегна безам гIенаха ас ийцира,
Дуьххьара санна езара хьо..

Там хилла дагна, хьан бIаьра хьоьжуш,
Сай хьаьъна безам ас балхийра..
Ахь тоххар санна, соьх дIа ца къехкаш,
Везарца эсал со хьистира..

Воьлура со хьуна, йоьлура хьо суна,
Деларца декара безаман ирс..
Сама хIунда велира хаац-кха суна,
Iуьйренца хадош безаман ирс..

Дог карзах даьлла безаман шовкъехь
Хьо йолчу гIерта, саца ца луш..
ГIо вайшиъ бертахь дахаран новкъа,
Вайшинний дегнаш махкана луш

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Г1ан" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен