ГлавнаяИсполнителиVk.Com/Chechen_Vechen_Имам АлимсултановВайнах
название:

Вайнах


автор:

Vk.Com/Chechen_Vechen_Имам Алимсултанов


рейтинг: ★★★★★ / 5.5 / 1511 просмотров
Диц ца ло дина вуо, -
Дицдойла дикано!
Вайнах, вайнах, вайнах!..

Дади-Юрт ягийна,
Нохчийн цIий Iанийна,
Вайнах, вайнах, вайнах!..

Диц ца ло вуо, диц ца ло,
Дицдойла дикано
Вайнах, вайнах, вайнах!..

Паччахьо ницкъ бина,
Туркахула дIабахна,
Вайнах, вайнах, вайнах!..

Мехкан дай шу хIитта,
Вон-дика аш литта,
Вайнах, вайнах, вайнах!..

Цхьаьна деха вай девлла,
Дала барт цхьаъ бойла!
Вайнах, вайнах, вайнах!..

Цхьаьна деха вай девлла,
Дала барт цхьаъ бойла!
Вайнах, вайнах, вайнах!..

Диц ца ло дина вуо, -
Дицдойла дикано!
Вайнах, вайнах, вайнах!..

Бехк боцуш лецна дай,
Даш детташ эгна вай,
Вайнах, вайнах, вайнах!..

Диц ца ло вуо, диц ца ло, -
Дицдойла дикано,
Вайнах, вайнах, вайнах!..

Доцург тIехь кхоьллина,
Хьайбахехь багийна,
Вайнах, вайнах, вайнах!..

Мехкан дай шу хIитта,
Вон-дика аш литта,
Вайнах, вайнах, вайнах!..

Цхьаьна деха вай девлла,
Дала барт цхьаъ бойла,
Вайнах, вайнах, вайнах!..

Цхьаьна деха вай девлла,
Дала барт цхьаъ бойла!
Вайнах, вайнах, вайнах!..

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Вайнах" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен