ГлавнаяИсполнителиЗелим БакаевНана (минус+бэк)
название:

Нана (минус+бэк)


автор:

Зелим Бакаев


рейтинг: ★★★★★ / 5.4 / 1435 просмотров
Дац, хьол хьоме хумма дац,
Кирар чу, са дагна гергара,
Ахь, елларг бе йовхо яц,
Шелделча са дахарна.

Хьох ваьллаь леларна генахь,
Жималло 1еха вина,
Къинт1ера ялалахь суна,
Со вина хьомсара нана,

Припев:
Хиларх со вокха нана,
Хиларх со сай доьзалина,
Лаьа хьо йолчу кхача,
Ирсана хьа мара хьарча лаьара суна.

Хьа, эсала бIаьргаш чохь,
Йист йоцу са ирс ду нана, 
Малх, кхоьлинчу дуьнен чохь,
Серло ю хьо даимна,

Бералехь хьо хиза ярна,
Амалаш хаз хетарна,
Доьху аса геч делахь суна,
Со вина хьомсара нана.

Припев:
Хиларх со вокха нана ,
Хиларх со сай доьзалина,
Лаьа хьо йолчу кхача,
Ирсана хьа мара хьарча лаьара суна.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Нана (минус+бэк)" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен