ГлавнаяИсполнителиДжабраилВай цхьана йоьттина г1ала (M95)
название:

Вай цхьана йоьттина г1ала (M95)


автор:

Джабраил


рейтинг: ★★★★★ / 5.2 / 1239 просмотров
Вай цхьана йоьттийна г1ала,
Юхур яц са езар цкъа,
Дагахь дерг соьга схьа ала, 
Д1а эца даг т1ийра бала,
Са дахар, са дега ойла,
Нур лепа са сирла седа, 
Хьо йоцуш дахар дац суна,
И хаи са езар хьуна.

Водахь со генарчу махка,
Дехар ду са деги езар,
Лар белахь вайшина безам, 
Къовлалахь доггаха буьйна, 
Са дахар, са дега ойла,
Нур лепа са сирла седа,
Хьо йоцуш дахар дац суна, 
И хаи са езар хьуна.

Буьйсана набарха вуьлуш,
Йоьхь сибат хьан доьхьал хуьттуш,
Ас хийла хьа ойла йора, 
Йори те са езар ахьа, 
Са дахар, са дега ойла, 
Нур лепа са сирла седа,
Хьо йоцуш дахар дац суна, 
И хаи са езар хьуна.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Вай цхьана йоьттина г1ала (M95)" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен