название:
автор:
Хьо суна мел ч1ог1а оьша
автор:
Тамила Сагаипова
рейтинг: ★★★★★ / 5.5 / 1473 просмотра
- Текст
- Открытка с текстом
Седарчий жайна ас доьшу.. Д1атийна,малделла латта. Хьо суна мел ч1ог1а оьшу Волахьа со йолчу хатта. Буса наб суна ца кхета Ц1е летта сан кийра богу. Хьуна со ма хийра хета. Лекха ду юккъера ога. 2-ой куплет: Сан ойла хьо волчу г1ерта, Ахь луьра чехайо иза. Дерриге некъаш хьан кертахь... Хунда ву хьо т1аккха къиза? Хьан б1аьргаш стигланаш сийна. Мел хьежарх ца до уьш к1орда. Хьо ларвеш со дукха 1ийна. Сан безам шорталла х1орда. 3-ий куплет: Со хьоьга хьоьжур ю хийла. Къовлур ду жима дог буйна.. Реза ю д1алела г1ийла, Хиъчана дуьненчохь вуйла. Седарчий жайна ас доьшу.. Д1атийна малделла латта! Хьо суна мел ч1ог1а оьшу, Волахьа со йолчу хатта...
А как ты думаешь, о чем песня "Хьо суна мел ч1ог1а оьша" ?