ГлавнаяИсполнителиЛариса ИсраиловаСа са са ирс са кирара бала бу хьо !
название:

Са са са ирс са кирара бала бу хьо !


автор:

Лариса Исраилова


рейтинг: ★★★★★ / 5.2 / 1184 просмотра
I. Сих елла зама гена д1аюьйлуш,
Хьоь болу сан безам денна сан кхуьу.
Со еза бохуш соьга хьоьжу хьо,
Хьо воцуш Дала ма юьтийла со.

Припев:
Сан са, сан дог, сан кийрара бала бу хьо,
Кху дуьненчохь хьо вовзарна ирсе ю со.
Сан са, сан дог, сан кийрара бала бу хьо,
Вайшинан безам ларбелахь везар.

II. Дависса, маьлхан з1аьнарш ялар со,
Хьо вохвеш хьоьга хьоьжур яра со.
Дависса беттасо далара со,
Хьан коре хьоьжуш лепар яра со.

Припев:
Сан са, сан дог, сан кийрара бала бу хьо,
Кху дуьненчохь хьо вовзарна ирсе ю со.
Сан са, сан дог, сан кийрара бала бу хьо,
Вайшинан безам ларбелахь везар.

III. Буьрса т1ейог1у 1аьржа буьйсанаш,
Сан коьрте хьийза г1ийла ойланаш.
Дуьненан 1алам хета суна хьо,
Хьо воцуш Дала ма юьтийла со.

Припев:
Сан са, сан дог, сан кийрара бала бу хьо,
Кху дуьненчохь хьо вовзарна ирсе ю со.
Сан са, сан дог, сан кийрара бала бу хьо,
Вайшинан безам ларбелахь везар.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Са са са ирс са кирара бала бу хьо !" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен