ГлавнаяИсполнителиМа ирсе йина ДАЛЛА соДагахь а доцуш вовзарна хьо..
название:

Дагахь а доцуш вовзарна хьо..


автор:

Ма ирсе йина ДАЛЛА со


рейтинг: ★★★★★ / 4.9 / 918 просмотров
Iуьйренца набарх йоккхуш со,
Хьан хаам соьга кхечийра,
Хьо кху дуьнен чохь хиларо,
Сан дахар хаздина .. 
Сан Iуьйренаш ахьа декъала йо,
Кехатан хIора могIанца..
Хьан соьга болчу ларамца..

Ма ирсе йина ДАЛЛА со,
Дагахь а доцуш вовзарна хьо..
Сингаттамо со гIелйича,
Ахьа дог деладо..
Ма мерза ю хьоьх ойланаш..
Хьо гича йицло сан гIайгIанаш..
Мел дукха зерах дахаро.. 
Вай къаста ца ло..

Аса хIинццалц лайнарг дицдина..
Хьо суна вовзар эрна дац..
Хьайн дикаллех со тешийна,
Хьо саннарг цхьа а вац.. 
Суна мел дезнарг хьоьца ду..
Хьан хIора дикчу амалца..
Даггара соьца хиларца..

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Дагахь а доцуш вовзарна хьо.." ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен