ГлавнаяИсполнителиДидигов БилухьажХьуна лаахь (M95)
название:

Хьуна лаахь (M95)


автор:

Дидигов Билухьаж


рейтинг: ★★★★★ / 5.4 / 1422 просмотра
Хьуна лаахь дуьне мел ду къайлах
Д1аг1ур ву со шолха схьа ца ван.
Хьуна лаахь зезаг хилла бай т1ехь,
Техкар ву со дахар хаздеш хьан.

Хьуна лаахь сирла седа хилла,
1аьржа буьйса мел а къагаеш,
Соцур ву со лепаш сенчу стиглахь,
Хьо цхьаъ массо вонах лар а еш.

Хьуна лаахь мелчу мохо санна,
К1ажарш д1асалестор ю ас хьан.
Хьуна лаахь мльлхан з1аьнарш цанна
Йохъеш бийр бу ас хьан дагна там.

Хьуна лаахь соьх хир шера аре,
Йа1 лам йа1 бух боцу сийна х1орд.
Нагахь йодахь къале йин маре,
Т1улг а хилла дуьсур ду сан дог.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Хьуна лаахь (M95)" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен