ГлавнаяИсполнителиВайнахская молодежьВалид Гадаев-Массара ала
название:

Валид Гадаев-Массара ала


автор:

Вайнахская молодежь


рейтинг: ★★★★★ / 5.1 / 1061 просмотр
Тахана,Хьо йинчу денца
даггара, декъал йа лиъна
йаздина,сай илли хьуна ас

Дала Хьо, декъала йойла
Дахарехь ирс хьуна лойла
Даимна некъ сирла хуьлда Хьа!

Массара мохь тохи ала:
Дахарехь дикане кхача
Делера ирс аьтто хуьлда Хьа!

Йуьцила- дикана наха,
лоьхила- мехкаршна йуккъехь
Б1аьрг бузош даимна йехийла!

Баркалла Хьо йинчу Нана!
Сел хаза Хьо кхиайарна
1аморна ше оьзда г1иллакхаш

Хиъча Хьо,хир йара ирсе
вер вара дахаран йисте
дериг ирс д1аделла Хьуна сай

Йиш йоцчу вешийна санна
хетта Хьо са дагна герга
Г1айг1анехь ма гойла ц1а-а Хьо!

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Валид Гадаев-Массара ала" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен