ГлавнаяИсполнителиНеизвестенСелхана дара и сийна коч йоьхна
название:

Селхана дара и сийна коч йоьхна


автор:

Неизвестен


рейтинг: ★★★★★ / 4.7 / 745 просмотров
Селхана дара и сийна коч йоьхна, 
Кхечуьнца къамеле яьлла хьан латтар, 
Цlеххьана хьо гина висира воьхна, 
Дара хьоь т1аьххьара деккъа цхьа хаттар. 
Цlеххьана хьо гина висира воьхна, 
Дара хьоь т1аьххьара деккъа цхьа хаттар. 

К1еззигчу ханна со геналле ваьлча, 
Хийцалуш хилча хьан соь болу безам, 
Ахь стенна бохура: «Эзар шо даьлча, 
Даима хир бу хьоь даггара тешам!»? 
Ахь стенна бохура: «Эзар шо даьлча, 
Даима хир бу хьоь даггара тешам!»? 

Со хилла ца евзаш, хьоьх 1ехавелла, 
Амма хьан ирс хила луур ду суна. 
Къайлаха вайшиннан юккъехь мел лелларш, 
Даима сан кийрахь дуьсур ду хьуна. 
Къайлаха вайшиннан юккъехь мел лелларш, 
Даима сан кийрахь дуьсур ду хьуна. 

Со воьду меллаша урамаш хедош, 
Гучу а ца волуш цкъа езначунна. 
Марха а йоьдуш ю т1адамаш эгош, 
Со шелвеш, баркалла боху ас цунна.
Марха а йоьдуш ю т1адамаш эгош, 
Со шелвеш, баркалла боху ас цунна.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Селхана дара и сийна коч йоьхна" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен