ГлавнаяИсполнителиШовда ДамаеваБезаман туьйра (M95)
название:

Безаман туьйра (M95)


автор:

Шовда Дамаева


рейтинг: ★★★★★ / 4.6 / 645 просмотров
Со еза бохуш соьга мерза дуьйцуш,
Безам хьай балхош сан корта хьийзош,
Ахь хаза дийцина безаман туьйра,
Дисира г1ан хилла ломан кийрахь.

Со-м йиси х1инца Теркала сехьа,
Хьо ма виси х1инца Теркала дехьа,
Вайшиъ ши а даьхначу юьртахь,
Ахь доха цигахь безаман чурт.

Оьздачу к1антана оьзда йо1 хьанал ю,
Олуш ма хилла вай дайша ломахь,
Оьзда со хилча атта а хетта,
Тесана ахь йити со безаман новкъахь.

Генахь ма диси вай лелла некъаш,
Генахь ма йиси бералла хьо,
Вайшиммо хаьржина безаман некъаш,
Ахь 1ади, д1акъевли безаман некъ.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Безаман туьйра (M95)" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен