ГлавнаяИсполнителиХусейн ГорчахановСтиглара д1абайна седа
название:

Стиглара д1абайна седа


автор:

Хусейн Горчаханов


рейтинг: ★★★★★ / 4.9 / 882 просмотра
Стиглара д1абайна седа, лаьмнашкахь охьабуьйжи сай,

Вай дахар ма доца хета, и дуьтуш лийр ду те вай.

 

Зазашлахь схьакхечи б1аьсте, аренаш синаллехь яй,

Иллица аса безам хасти, и буьтуш лийр ду те вай.

 

Диканна, г1онна а кхачахь, доттаг1а лехнера вай,

Доттаг1а къинт1ера ваккха ца кхуьуш лийр ду те вай.

 

Г1арг1улеш гуьйренца йоьлху, дерза ду т1е детташ дай,

Дашочу дуьненна воьлху, и дуьтуш лийр ду те вай.

 

Сан некъаш гал-марзах дуьйлуш, кхачазчу геналлехь дай,

Дахаран йист йоцу некхаш ца девзаш лийр ду те вай.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Стиглара д1абайна седа" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен