ГлавнаяИсполнителиТамара ДадашеваСан Г1ала
название:

Сан Г1ала


автор:

Тамара Дадашева


рейтинг: ★★★★★ / 4.9 / 875 просмотров
Дуьненчоьх уггаре сан хаза г1ала
Хьо хьалха санна хир яц ма ала
Кхо1маза йохи хьо яхь йоцчу наха
Нохчий Мохк боьхкина уьш хойшира баха

Кхиахьа сан г1ала хьалхачул сиха
Хилахьа сан г1ала хьалхачул хаза
Тасахьа сан г1ала баьстенан заза
Хьо суна хетарна массарел еза

Йохина яржина са Соьлжа-г1ала
Хьо сайна езарна дог лаза даьлла
Хьо гича ца соцуш са баьрхиш 1ена
Доьхал а лаьтта хьо хиларх со гена

Хьа г1ила урамаш, сел хаза бошмаш
Вай бери садо1у дешара г1ишлош
Хьа кешни кертара дохина чарташ
Дерриге д1адийца ца тоь1у дешнаш

Кхиахьа сан г1ала хьалхачул сиха
Хилахьа сан г1ала хьалхачул хаза
Тасахьа сан г1ала баьстена заза
Хо сунна хетарна массарел еза

Мел дукха д1адоьйлин хьо езаш хилларш
Г1азотехь эьгна уьш дей-наной бераш
Вай Далла геч дойла царна массарна
Вай Далла лардойла т1ом йюха гарна

Дуьненчоьх уггаре са хаза г1ала
Хьо халха санна хир яц ма ала
Кхоамаза йохи хьо яхь йоцчу наха
Нохчи Мохк боьхкина уьш хойшира баха

Кхиахьа сан г1ала хьалхачул сиха
Хилахьа сан г1ала хьалхачул хаза
Тасахьа сан г1ала баьстенан заза
Хьо сунна хетарна массарел еза

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Сан Г1ала" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен