ГлавнаяИсполнителиЗелим БакаевВог1у со
название:

Вог1у со


автор:

Зелим Бакаев


рейтинг: ★★★★★ / 5.1 / 1057 просмотров
Олу ас, ло бакъо суна хазйалита,
Олу ас, ло бакъо суна хьо езийта,
Даган т1ера даьккхина зезаг хьоьга кховда до,
Цунах тера мерза ойла хьоьца д1аэло,
Безаман суй соьх кхаьхка, кийра богу сан,
Хьуна делла совг1ат делла хаза куц хьан до.
 
Вог1у со самукъадаьлла сай делла,
Вог1у со дуьненан мерза хьаша хилла,
Ойла сан хьо йолчохь хьийза, сан са хьийза,
Хьан ц1арца массо а х1ума ас безамца лору.
 
Хьоьжу со, хьан декъе яхан те сан езар,
Хьоьжу со, сан б1аьргаш х1уьтту лоьцуш куц хьан,
Зезагийн курс кховдийна, леррина хьаьжина,
Хаттар ду хьоьга сан – реза юй аьлла,
Эхь хеташ б1аьргаш лечкъош, беснеш ц1е йелла,
Хир ю хьо, хаьа суна г1иллакхе яьлла.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Вог1у со" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен