ГлавнаяИсполнителиЛинда ИдрисоваСийна стигал (M95)
название:

Сийна стигал (M95)


автор:

Линда Идрисова


рейтинг: ★★★★★ / 5.5 / 1456 просмотров
Гонах лаьмнаш, бердаш, хьаннаш, стиглаш 1алхаш мархаш го,
Лекхачу диттийн кура хьаннаш ца гуш йисча сан дог лозу.

Сийна, сийна стигал дийнахь, буса сирла седарчий,
Шух яьлчи дог сан г1ийла, хаац х1инца мегарий.

Йог1ий кхочу йинчу лома хьошалг1ахь даккха буьйса-де,
Ойла кхехкашюьйлу т1ома, дагчохь йолу ирсе ц1е.

Белшах к1удал тесна сарахь хи т1е бог1у мехкарий,
Тийна йог1у буьйса арахь, даккхий догу седарчий.

Йина лаьмнаш хиларх генахь, сан дог-ойла хьерча шух,
Хено лаьцна яьлла леларх со шу долчу кхочур ю.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Сийна стигал (M95)" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен