ГлавнаяИсполнителиШах Ислангириев и Лариса СадулаеваЦхьана хир ду вай (New 2015) [exclusive M95]
название:

Цхьана хир ду вай (New 2015) [exclusive M95]


автор:

Шах Ислангириев и Лариса Садулаева


рейтинг: ★★★★★ / 5 / 1036 просмотров
I. Х1инца-м воьду со кхечу махка ваха,
Пекъар езаш хьо воьду и ма баха.
Дог ас доьллур дац доьху сох ма кхарда,
Т1еххьара хьо гарх хир дуй дагна дарба.

Х1унда воьду хьо б1аьрхиш дагчохь гулдеш,
Юьтуш яха со ирсан заза гулдеш.
Ас а лелор ду Дала сайна делларг,
Зама йог1ур ю вовшийн диц а делла.

Припев:
Кхин вай гур ца гур хаац мел ду дахар,
Ас сайн б1аьргийн нур дуьту хьоьца даха.
Эзар-эзар шо, б1е эзар шо даларх,
Цхьана хир ду вай тахна вовшех даларх,
Цхьана хир ду вай тахна вовшех даларх.

II. Х1инца-м воьду со ца ваьллачу денна,
Хьоьца дуьтуш дог, амма хаац стенна.
Со а лелар ву дахарах ца туьллуш,
Доьг1нарг хир а ду, ца доьг1нарг ца хуьлу.

Т1аьххьара вай гуш вовше б1аьра хьоьжуш,
Эрна дуьйцу вай тахна мел цаоьшург.
Ала лиънадерг коьрто схьа ца лоцу,
Д1а къастаран хан мел йоца ю йоца.

Припев:
Кхин вай гур ца гур хаац мел ду дахар,
Ас сайн б1аьргийн нур дуьту хьоьца даха.
Эзар-эзар шо, б1е эзар шо даларх,
Цхьана хир ду вай тахна вовшех даларх,
Цхьана хир ду вай тахна вовшех даларх.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Цхьана хир ду вай (New 2015) [exclusive M95]" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен