ГлавнаяИсполнителиДадаеваИрсе хир ю со
название:

Ирсе хир ю со


автор:

Дадаева


рейтинг: ★★★★★ / 4.9 / 908 просмотров
Б1аьргаш хьоьга хьийсош аьхь-бехк сайха ийдош,
Хьоьгахь безам лоьхуш лаьтта йоьхна со,
Кхолламо некъ хедош, б1аьрхиш г1ийла ледош,
Гойте суна лоьхуш, кхойкхуш соьга хьо.

Сан безам, сан тешам, дахаран сан эшам,
Хьоьх муха йала еза техьа со.

Г1айг1а д1а ца йолуш керла б1аьсте йолу,
Шовдане хьо вуьйцуш тийна 1аш ю со,
Д1аяларх мел зама, ца туьгу дог 1ама,
Соьца кхоллам боцуш кхоьллина те хьо.

Дицлой зама йог1у, сиха и д1айолу,
Ирсе суьйре йог1ий ладоьг1уш ю со,
Амма ларлой теша хиларх дагна эшам,
Хьан безамо хьоьстуш хьоьца хир ю со.
→ [bad word]  [bad word] 1/Ayza-Dadaeva/tekst-pesni-San-bezam

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Ирсе хир ю со" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен