ГлавнаяИсполнителиТамара АдамоваХьоме ваша, хьоме нус (New 2014) [M95]
название:

Хьоме ваша, хьоме нус (New 2014) [M95]


автор:

Тамара Адамова


рейтинг: ★★★★★ / 4.9 / 869 просмотров
I. Бертахь, хаза даьхначу оьздачу ден ненан кертахь
Тахналера деза де, ша-тайпана ирсе хета
Ялош хьоме хаза нус, к1анта кхуллуш керла доьзал
Ирсе т1ехье кхоллалуш дехийла шу маьрша, г1оза

Припев:
Дала декъал дойла шу
Дала барт цхьаъ бойла шу
Хьоме ваша, хьоме нус
Даггара шу декъал до
Шун безамах даккхий до
Дехийла шу мерза, барт болуш
Х1ора дог1у сирла де
Дог1ийла шун х1усаме
Массо дика дохьуш, беркатца
Вовше деза к1ад ца луш
Безаман кхерч шел ца луш
Дала дойла декъал безамца

II. Беза хьеший оьцу т1е
Хаза ловзар х1оьтти тахана
Вовше даккха самукъа
Сакъера а даьлла бахьна
Дезчу дийне кхойкхуш схьа
Машар ч1аг1беш дуьйлу герзаш
Дека хаза иллеш вайн
Марса дуьйлу нохчийн хелхарш

Припев:
Дехийла шу барт болуш
Дехийла шу ирс долуш
Денна ч1аг1луш марзонаш
Уьнах ц1ена х1у долуш
Могуш - маьрша ва долуш
Дебийла дезарийн доьзалаш
Массал долуш шайгара
Беркате вайн махкана
Хуьлда хьанал шу вайн къомана
Вовше гича ойла туьйш
Хало, атто цхьа зуьйш
Хуьлда ирсе массо заманахь

III. Кху доьзалехь х1ора ву
Сатийсинчу дикне хьийзаш
Керла доьзал декъал беш
Даккхий даран доцуш доза
К1ентан, йоь1ан кхолламаш
Цхьаъ а хилла вовшех ийна
Вайн хьомечу вешийна
Езаш йолу йо1 ялийна

Припев:
Дала декъал дойла шу
Дала барт цхьаъ бойла шу
Хьоме ваша, хьоме нус
Даггара шу декъал до
Шун безамах даккхий до
Дехийла шу мерза, барт болуш
Х1ора дог1у сирла де
Дог1ийла шун х1усаме
Массо дика дохьуш, беркатца
Вовше деза к1ад ца луш
Безаман кхерч шел ца луш
Дала дойла декъал безамца

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Хьоме ваша, хьоме нус (New 2014) [M95]" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен