ГлавнаяИсполнителиМилана ВисхановаМансур (M95)
название:

Мансур (M95)


автор:

Милана Висханова


рейтинг: ★★★★★ / 4.8 / 814 просмотров
I.
Стиглара нур лепаш хьан седа чубуьйжи
Шецана Мансуран дахар цо д1адаьхьи
Стигланан 1аьршашкахь буьйсанан т1къес туьйхи
Суьйранна буьзна малх кхи цунна ца кхийти
Припев:
Хьо ваьхна х1усамаш яссаъ еш йитина
Лоьвзина урамаш д1атесна дитина
Массо а гергарнаш 1адийначохь битина
Сирлачу дуьненна
1адика ахь йина ( 2 раза )
II.
Хьо волчу ден, ненан ма хьоме вара хьо
Оьздачу г1иллакхна 1амийна вара хьо
Юххерачу накъостна тешаме вара хьо
Х1ара дуьне дитина ма хьалхе ваха хьо
цунна ца кхийти
Припев:
Хьо ваьхна х1усамаш яссаъ еш йитина
Лоьвзина урамаш д1атесна дитина
Массо а гергарнаш 1адийначохь битина
Сирлачу дуьненна 1адика ахь йина ( 2 раза )
III.
Хьа лоьма чаккхе еш, дахар хьан хеди
Цу латтан кийрахь хьо къайла а вели
Хьо вина хьан нана б1аьрхишца йисси
Хьо волчу хьан ден а б1аьрги нур деги
Припев:
Хьо ваьхна х1усамаш яссаъ еш йитина
Лоьвзина урамаш д1атесна дитина
Массо а гергарнаш 1адийначохь битина
Сирлачу дуьненна 1адика ахь йина ( 2 раза )
IV.
Езнаерг тийжаме йоьлхучохь йитина
Керлачу дахарна кечвалар дитина
Езнаерг тийжаме йоьлхучохь йитина
Ма хьалхе ваха хьо х1ара дуьне дитина
Припев:
Хьо ваьхна х1усамаш яссаъ еш йитина
Лоьвзина урамаш д1атесна дитина
Массо а гергарнаш 1адийначохь битина
Сирлачу дуьненна 1адика ахь йина ( 2 раза )
V.
Кхоьллинчу вайн Дала хьо декъала войла
Эхартан хьан воссар ялсамане дойла
Массо хьан къиношна Дала геч дойла
Хьо волчу нахана собар а лойла
Припев:
Хьо ваьхна х1усамаш яссаъ еш йитина
Лоьвзина урамаш д1атесна дитина
Массо а гергарнаш 1адийначохь битина
Сирлачу дуьненна 1адика ахь йина ( 2 раза )

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Мансур (M95)" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен