название:
автор:
Со нохчо ву
автор:
Суьйренаш
рейтинг: ★★★★★ / 5.2 / 1184 просмотра
- Текст
- Открытка с текстом
Тайпа-тукхам нохчийн делахь, ворх1е да хьан нохчо хиллехь, Нохчийчоь хьан Нана йелахь, ненан мотт синкхача белахь, Орамера Нохчо ву хьо, Даллийн бен суджуд дацахь. Хьажи ц1а хьан къилба делахь, бакъ Пайхамар бакъвеш велахь, Иман, 1илма, калам делахь, хьо устазаш лоруш велахь, Орамера Нохчо ву хьо, Даллийн бен суджуд дацахь. Г1иллакх, г1уллакх хьоьца делахь, хьай къамелан да хьо велахь, Эхь-бехк сийца, ц1ийца белахь, нохчалла хьан бахам белахь, Орамера Нохчо ву хьо, Даллийн бен суджуд дацахь. Вай хьо Нохчо ишта вацахь, цхьаъ волчунца накъост лацахь, Хатта даге вуй хьо Нохчо? Дала витац шен лай цхьалха, Орамера Нохчо ву хьо, Даллийн бен суджут дацахь.
А как ты думаешь, о чем песня "Со нохчо ву" ?