ГлавнаяИсполнителиРизавди ИсмаиловБезаман Дитташ
название:

Безаман Дитташ


автор:

Ризавди Исмаилов


рейтинг: ★★★★★ / 4.9 / 851 просмотр
1аламе б1аьрг тухуш со новкъа волу,
Лоьху ас бацалахь лар яйна тача, 
Дог а деттало са карзах долий. 
Безаман дитташ т1е сихвеш со кхачо. 

Геннара суна го уьш мохо лестош, 
Замано нилх дина тишделла генаш, 
Мерзачу ойлано уьш доггах хьоьстуш,
Лехьош 1индаг1ехь левзина хенаш, 

ас доьг1на, кхиийна безаман дитташ, 
Лаьтта уьш тийналлехь дог 1овжош г1ийла, 

Шийлачу гуьйрено шен мохехь хьийзош,
Кхоьхьу д1а дукха гена мажделла г1аш, 
Уьш леца г1ерта со цхьа жимма ловза, 
Ву моьтта со х1инца жималлин хьаша. 

Д1а яхна бералла со вуьтуш генахь, 
Ницкъ бацкха и шераш юхнехьа литта, 
Го суна вижанчохь мерзачу г1енахь, 
Дас доьг1на, кхиийна безаман дитташ.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Безаман Дитташ" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен