ГлавнаяИсполнителиCoffetimeНохчи чьо
название:

Нохчи чьо


автор:

Coffetime


рейтинг: ★★★★★ / 5.4 / 1439 просмотров
Лаиллах1а иллалах1,
Ларъе везчу Дала, хьо!
Лаиллах1а иллалах1,
Бусулба сан Нохчийчоь!

Йохийна, х1оттор яц гуора,
Кур оллабойтур бац хьоь,
Йиш яц дашо малх хьан кхола,
Бусулба сан Нохчийчоь!

Даш кхетта эгча, син метта,
Маршаллаш кхоьхьуьйташ хьоь,
Леш болчу хьан к1ентийн метта,
Со лойла хьан, Нохчийчоь!

Лечано хелхар деш говза,
Баланаш, г1айг1анаш тоь.
Махкана дерриг ду ловзар,
Елало, сан Нохчийчоь!

Вайн дегнех кхерсташ ю алу,
Вайн ирсан дайъина доь,
Ларйойла хьо везчу Дала,
Бусулба сан Нохчийчоь!

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Нохчи чьо" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен