ГлавнаяИсполнителиУсман БуруевКхоллам, ирс ас хьоьца лоьху
название:

Кхоллам, ирс ас хьоьца лоьху


автор:

Усман Буруев


рейтинг: ★★★★★ / 4.7 / 727 просмотров
Сан жималла, аьрха амал, ахь со хьайца стенна акха ваьккхи,
Хилла безам д1а а тесна, доцу ирс ахь соьга х1унда кхийдадо,
Дуьненахь со 1ехавина дакъаз ваккха ма г1ерталахь, дог сан,
Лоьхур дац ас доцу ирс сай, оьшуш дац кхи суна делла дахар.
 
Кхоллам, ирс аса хьоца лоьху, сан дагах хьо кхета езаш хилча,
Ирсе дехьа мерза дахар, дуьненахь хьо цкъа бен гуш ца хилча,
Шераш, зама д1амаели, диси вайшиъ даима вовшех хьега,
Ма далалахь хьо дакъаза дог сан, х1унда дац хьо хьайна делчунна реза.
 
Суна делла дахар, ирс а къийсалур дац цкъа а цхьанге соьца,
Дохкалуш дац, эцалуш дац, вайна делла иза везачу Далла,
Сай кхолламна ву со реза, лууш вац со цхьаннех хьоьгаш лела,
Беркате хьо хилла дахар, хьан пусар деш мел хиллачу кертахь.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Кхоллам, ирс ас хьоьца лоьху" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен