ГлавнаяИсполнителиАли ДимаевПондаран аз (M95)
название:

Пондаран аз (M95)


автор:

Али Димаев


рейтинг: ★★★★★ / 4.8 / 821 просмотр
Дара и юккъерачу Азехь,
Хезча хьан пондаран аз,
Бацара вайнах вон ганза,
Массарций йоллура вас.

Мукъамаш хаза йиш йоцуш,
Якхира кхойта шо хан,
Ц1еххьана баланаш отуш,
Билхира и пондар хьа.

Билхира сий айдеш халкъа,
Дайлямнех аренах хих,
З1аьнарш и 1енаеш маьлха,
Ойланаш яхарца ирх.

Вилхира пондар мел хезнарг,
Нисбина сеттина букъ,
Г1аьттира моссо са лезнарг,
Яьстина йихкина юкъ.

Бохура вовшана кхаьънаш,
Мял докха де дара и,
Дирзира дагчура дя1наш,
Соьвцира ихна б1аьрхиш.

Моьттура дерриге 1алам,
Доьлуш ду хиллаг схьагуш,
Бегира боьссина бала,
Нахана парг1ато луш.

Дара и юккъерчу Азехь,
Мел лайнарш ца дуьйцу ас,
Тахана тхоьца хьо вацахь,
Дека хьан пондара аз.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Пондаран аз (M95)" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен