ГлавнаяИсполнителиНеизвестенДог 1овжош яг1ахь сан 1ожалла кеста
название:

Дог 1овжош яг1ахь сан 1ожалла кеста


автор:

Неизвестен


рейтинг: ★★★★★ / 4.9 / 856 просмотров
Дог 1овжош яг1ахь сан 1ожалла кеста
Чурт суна кечделахь, доттаг1а, айхьа
Хьай куьйга даккхалахь, доттаг1а сан лахьта
Вай дезаш хилара дийцалахь мерза.

Хьулделахь сан дакъа т1етассий верта
Генарчу новкъа со ваккхалахь оьзда
Тиллалахь нохчийн куй къоьжачу коьрта
Барам сан ца вухуш лацалахь онда.

Т1аьхьара б1аьрг тоха айалахь верта
Лахьтичу вилалахь, барт боккхуш оьзда
Дагахь хьай къурдаш деш тассалахь латта
Чурт нийсдеш, куьйг хьакхий, цанделахьа йоза.

Оллалахь чурт довза кхелина шалта
Коша барз туобелахь, куьйг хьакхий аьхна
Верзалахь юрта хьо, доттаг1а т1аьхьара
Каш доьвзий хьажалахь геннара хьайна.

Дош алий, хьасталахь г1ийла сан дада
Дог оьцуш хилалахь, мискачу нена
Заманна йохаллахь виццава хьажалахь
Со санна т1акха хьо хетарву царна.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Дог 1овжош яг1ахь сан 1ожалла кеста" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен