ГлавнаяИсполнителиГр.ГрозныйАс хьо лоьху
название:

Ас хьо лоьху


автор:

Гр.Грозный


рейтинг: ★★★★★ / 5.6 / 1567 просмотров
Мохо мархаш лоьхку, лаьмнаьх хьаьрчаш дохк ду,
Стиглахь лечкъа бетта са,
Кхола белла го седа, къейлах боьлхуш хьо лоьхуш,
Йог1уш ларъеш дог сан ду.
 
Ас хьо лоьху буьйсанна боданца,
Ас хьо лоьху беттаса серлонца,
Ас хьо лоьху мархашца, ас хьо лоьху мохаца,
Ас хьо лоьху зезагийн техкарца.
 
Безамо кхиийна сан дог хьоьх д1аийна,
Хьо ца гичи со 1елац,
Хьо йоцчохь сан дуьне дац,
алахь соьга хьомениг, ас кхин мичахь леха хьо.
 
Ас хьо лоьху ламанан некъашца,
Ас хьо лоьху шовданан эшаршца,
Ас хьо лоьху бацаца, ас хьо лоьху бошмашца,
Ас хьо лоьху безаман ларашца.
 
Набаро 1ехийна адамаш д1атийна,
Со цхьаъ левац г1енаша, со цхьаъ левац г1енаша,
Ас хьо лоьху бацаца, суна хаьа хьо сайна карор юй.
 
Ас хьо лоьху стигланан 1аьрчашца,
Ас хьо лоьху органан тулг1ешца,
Ас хьо лоьху кхаа дагахь, ас хьо лоьху сов генахь,
Суна хаьа хьо сайна каров юй.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Ас хьо лоьху" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен