ГлавнаяИсполнители7. Луиза УмароваГ1ийла ойла (New version 2015) [M95]
название:

Г1ийла ойла (New version 2015) [M95]


автор:

7. Луиза Умарова


рейтинг: ★★★★★ / 5.5 / 1473 просмотра
Сирла, сирла денош ас д1ахьо
Г1ийла г1ийла ойла еш а со
Хьоьгахь болу безам сан ч1аг1ло
Хьомениг ахь ойла сан ца йо (2раза)

Шийла шийла арахь дог1у ло
Мерза набарх буса йуьйлу со
Г1ийла доьлхуш даго хьийза йо
Хьо воцуриг кхи к1ант сун ца го (2 раза)

Хьо схьа хьаьжчи дог сан делало
Хазчу б1аьргаш со ма 1ехайо
Вист ца хуьлуш ахь со хьийза йо
Дог са хьасте 1абайе Хьа со ( 2 раза)

Дено дено г1еллуш лаьтта со
Сирла дуьне бодане тарло
Даго воьхуш Хьо цхьаъ хетало
Хилахь соьца ирсе йе Хьа со (2 раза)

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Г1ийла ойла (New version 2015) [M95]" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен