ГлавнаяИсполнителиХеда БитиеваСатийсаран безам
название:

Сатийсаран безам


автор:

Хеда Битиева


рейтинг: ★★★★★ / 4.6 / 648 просмотров
Хьан амат ца гайта бIаьргаш дIахьаббой,
ДIайоду лаьттаха ца кхеташ ког.. 
Дуьненан шовданаш малаллал хьаглой, 
ЦIе летта догу сан кийрара дог.. 

Малх бале хьадарах, малх бузе хьежар
Ца байло елхара сан бала дIа..
Хьаьстина батто ца ловш сан тийжар
Эли соь: "и вицван, йо1, хьажахьа"..

Ас муха вицвийр ву сан ницкъ ца хилча,
Сел чIогIа ша веза Iаминарг со..
Вицваран Iилма цо делла ца хилча
И вицвеш дуьненах аса хIун до?

Тийна ладоьгIучу буьйсано олу:
Хьан къина яьржа ша и лела чохь..
ГIайгIане батто co шен маракъовлуш олу соь:
"Хир вай и-м хьоьл a холчохь".. 

Буьйсано Iехайо: "йоI, дог ма дилла,
Хиндериг хууш верг ДЕЛА бен вац,
Деха-хьа ахь цуьнга, хаза кхаъ хилла,
Хийцамаш хирг хиларх шеко ма яц.."

Дуьненан шортанаш ца оьшу суна,
Цхьа дехар хир ду сан, хьомениг, хьоь,
Нагахь хьайн дагчуьра сан цIе дIаяйнехь,
Лийр ялахь, схьаала, ма хьежа соь..
Хьо цхьаъ бен сагалла бIаьрса ца хилча
Со езнехь, схьаала, ма хьежа соь..

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Сатийсаран безам" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен