ГлавнаяИсполнителиНеизвестенОрцан дукъах дато маIаш
название:

Орцан дукъах дато маIаш


автор:

Неизвестен


рейтинг: ★★★★★ / 5.5 / 1491 просмотр
Орцан дукъах дато маIаш
Туьйсуш, батто сагатдо…
ЦIестан кIудал нохчийн йоIа
Шовданна кIел сецайо.

Хета баттах схьадухдуьйлуш,
КIудал юзу шовдано,
Нур-зIаьнаршца безам муьйлу,
ЙоIах хьерчаш цу батто. (2 раза)

КIудал юьзна… Iанаоьху
БIаьрхих терра дато хиш.
Ткъа, йоI гичи, дог а лехий,
Нохчийн кIанта лоькху йиш:

– ЙоI, хин чами кховдабехьа,
Чохь беттан нур даржадай!
Ткъа, беттан нур ца лахь айхьа,
БIаьргийн нур луо суна хьайн! (2 раза)

Маржа! ХIинцца доцу кема!
Ткъесах гIатта космосе…
Маршал хоттуш, даржо тIемаш,
Хьол генарчу седане!

Лоцур дар-кха стелахаьштиг,
Стиглахь кхарсто сийна цIе…
Стиглан дари цIарца дагош,
Хьан цIе язъя цунна тIе! (2 раза) 

ЙоI, хин чами кховдабехьа,
Чохь беттан нур даржадай!
Ткъа, беттан нур ца лахь айхьа,
БIаьргийн нур ло суна хьайн! (2 раза)
БIаьргийн нур ло суна хьайн

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Орцан дукъах дато маIаш" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен