название:
автор:
Дуьххьарлера безам – сан деган тийжам
автор:
Неизвестен
рейтинг: ★★★★★ / 4.9 / 894 просмотра
- Текст
- Открытка с текстом
Дуьххьарлера безам – сан деган тийжам, Дуьххьарлера безам – сан деган Iийжам. Хьох вала хала ду, сан хан дIаяларх, Хьох ваьлча дуьне дац, велла дIаваларх. Ма даха, жима йоI, ахь даккхий и синош Дуьххьарчу безамах хьо яьлла, бохуш. ДогIура ду, догIура ду малх кхетта денош, Керлачу безаман буто ша лалош. Алийша, нийсархой, хир вуй-те цхьа а Дуьххьарчу безамо Iовжонза ша? Хийла йоI елхий цо, бIаьрхиш а ледош, Хийла кIант вагий цо, дагна чов еш. Ма даха, жима йоI, ахь даккхий и синош Дуьххьарчу безамах хьо яьлла, бохуш. ДогIура ду, догIура ду малх кхетта денош, Керлачу безаман буто ша лалош.
А как ты думаешь, о чем песня "Дуьххьарлера безам – сан деган тийжам" ?