название:

Bezam♥


автор:


рейтинг: ★★★★★ / 4.6 / 605 просмотров
Кхолламо кечдина, сан дахар хоьца
Къоналлий безамо дог хьоьстучу хенахь
Со реза ю хьомениг, са туьйсуш яха
Хьоца бен ца лоьху, аса сайн дахар

Теша со, декъал беш сан мерза безам
Вог1ур ву со йолче, сан хьоме везар
Эрна хир дац хьоьга со даима хьежар
Аса дагца лардо вай безамах тешар

Мехкаршна юккъехь, сан ирсе кхаж баьлла
Хьан х1усаме сий хилла ехар ю аьлла
Хьан сий а ц1е а ларйеш ехар ю теша
Къоллахьа хьомениг сан дага тешам

Теша со, декъал беш сан мерза безам
Вог1ур ву со йолче, сан хьоме везар
Эрна хир дац хьоьга со даима хьежар
Аса дагца лардо вай безамах тешар

Сан х1усаман денош хирма ду шийла
хьо волуш ца хилахь безамца суна
Хууш и денош д1а оьхур ду хийла
Аса ирсе лар дийр ду д1адала хьуна

Теша со, декъал беш сан мерза безам
Вог1ур ву со йолче, сан хьоме везар
Эрна хир дац хьоьга со даима хьежар
Аса дагца лардо вай безамах тешар.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Bezam♥" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен