ГлавнаяИсполнителиМарха Макаева (Kooooshka)Нохчичоь)
название:

Нохчичоь)


автор:

Марха Макаева (Kooooshka)


рейтинг: ★★★★★ / 5.4 / 1377 просмотров
Д1о гена лаьмнашкахь сан ойла кхерста.
Хиллариш.,леллариш цо хьехадо.
Ойланца берта со йоьрзий –те кеста,
Замане кхолламе ас хаттар до.

Дай баьхна меттигаш шу карлаюьйлу.
Мел генахь шу марзо хаа ма ло.
Сатийсам совболе дог карзахдуьйлу.
Нохчийчоь-сан серло ма еза хьо.

Со теша дог1ур ду цха хаза денош,
Йоккхаеш йолалуш со Даймахкахь.
Со генахь хиларах,ца яьлла хера,
Дог-ойла хьоьца ю,дай баьхна ц1а.
Припев:
Даьхначу сурташка со хьоьжу,
Хьан ирса жайна аса доьшу.
Самах а,г1енах а сатуьйсу,
Сан Нохчийчоь хьо суна оьшу.

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Нохчичоь)" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен