ГлавнаяИсполнителиЗара ТаймысхановаБезаман алу
название:

Безаман алу


автор:

Зара Таймысханова


рейтинг: ★★★★★ / 5.4 / 1355 просмотров
ТIулгех чекхдуьйлу тхи санна, халонех чекхбуьйлу безам
Ло хьуна, везарна, хьо везарна сайна, 
даг чуьра даьккхина зезаг
И зезаг лайлахь ду дисна. ГIорийна, хьан орца оьшуш
Со хьоьга кхойкхучохь, хьоь кхойкхучохь йисна, 
Хьоьх кхета бахьанаш лоьхуш
Хино тIулг бохийна. Малхо ло дашийна. 
Ас бIаьрхиш эгийна сайн
Хьо суна вогIийла. Ирс вайна догийла. 
ГIора ма байта вай безам Iай

Хьо ца гар соьга ца лало. Хьо гича соьх хуьлу алу
Ца яга гIертарх со, ца йогуш ца Iало. 
Амма ас ловр бу и бала
Безамах ца хуьлу къайле. Безамах ца долу къайла
Сан безам, вай безам - нахала и балахь, 
хьо суна къинтIера вала
Хино тIулг бохийна. Малхо ло дашийна. 
Ас бIаьрхиш эгийна сайн
Хьо суна вогIийла. Ирс вайна догийла. 
ГIора ма байта вай безам Iай

Послушать/Cкачать эту песню
Mp3 320kbps на стороннем сайте
А как ты думаешь, о чем песня "Безаман алу" ?
2010-2020 © WebKind.Ru Тексты песен